9-чу классана учебник. — Грозный: Абат, 2008. — 256 с.
Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерствос къобалйина.
Хьоме дешархо!
Нохчийн литература Iамош ахь пайдаэца безаш йолу коьрта книга ю хIара. Учебнико хьуна гIо дийр ду нохчийн халкъан барта кхоллараллий, исбаьхьаллин литературий йовза, церан башхаллех кхиа. Ахь Iамо езачу произведенийн чулацам къастийна учебник тIехь, исбаьхьаллин башхаллаш йийцина, церан авторийн дахар а, кхолларалла а йовзийтина, литературин теорих хаарш а делла. Учебник кхаа декъах лаьтташ ю. Хьалхарчу декъа тIехь нохчийн халкъан барта кхолларалла йовзийтина, цуьнан коьрта къастамаш гайтина, мехалалла билгалъяьккхина. Алссам тидам тIебахийтина халкъан иллешна, уьш къоман исбаьхьаллин культурехь къаьсттина доккха маьIна долуш хиларна.
ШолгIачу декъа тIехь вайнехан барта кхоллараллин буха тIехь, кхечу къаьмнийн литературех а пайда а оьцуш, нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан а, кхиаран а хьелаш гайтина. Доцца дийцина къоман йозанан литература йолалучу юьххьехь лаьттинчу яздархойн Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Сальмурзаев Мохьмадан кхоллараллех лаьцна. Йовзийтина Айсханов Шамсуддинан произведенеш. Къоман литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан дахаран, кхоллараллин некъ шуьйра гайтина, цуьнан коьрта произведенеш теллина. Мамакаев Iаьрбин, Хамидов Iабдул-Хьамидан дахар а, кхолларалла а йийцина, церан тоьлашха йолу произведенеш къастийна. Классехь Iамош йолу исбаьхьаллин произведени ша къастийна ца юьйцуш, яздархочун кхечу произведенешца цхьаьна, цуьнан ерриге а кхоллараллица зIе тосуш, Iамайо. Учебнико хьан таро хуьлуьйтур ю урокехь Iамош йолу исбаьхьаллин произведени кIорггера йовза, цуьнан тема а, маьIна а шен хенахьлерчу дахарца муха догIуш хилла бохучух кхета а, литературин дахарца йолу уьйр билгалъяккха а.
Оцу дерригенах кхиархьама, леррина, тидам тIебаххийтина Iамо еза учебникан материал. Юьхьанца дуьйна хаа деза, Iамош
йолу произведени ешначул тIаьхьа бен учебниках кIорггера пайдаэцалург цахилар. Исбаьхьаллин произведенин текст хууш а йоцуш, учебник ешарх, хаарш кIорггера-м муххале а хир дац, дуьйцучух ца кхета а тарло.
Исс класс чекхйоккхуш, нохчийн литература хьуна алссам йовзийтархьама, учебникан кхоалгIачу декъа тIехь ХХ бIешеран
60-90 шерашкарчу литературех юкъара хаарш делла. Учебникан хIора дакъа чекхдаьлча, тIедахкарш далийна.
Цаьрца болх баро хьуна гIо дийр ду коьртачунна тIе тидам бахийта, материалах дика кхета. ТIедахкаршна юккъера цхьадолу
хаттарш учебник тIехь шайна кийчча жоьпаш доцуш, ахь айхьа ойлаеш, лаха дезар ду.
Даккхий дакъош чекхдевлча, сочиненеш язъян теманаш билгалъяьхна. Царах айхьа хаьржинчу я хьехархочо билгалъяьккхинчу темина сочинени язъян еза.
ТIаьххьарчу агIонаш тIехь, шайн маьIна а деш, ялийнчу литературоведчески терминаша хьуна гIо дийр ду Iамош йолу произведени кIорггера йовза, исбаьхьаллин литературин шатайпанчу башхаллех кхиа.
Ахь говза пайдаэцахь, нохчийн литература Iаморехь дика гIоьнча хир ю хьуна учебник.
Аьтто хуьлда хьан!